Menu


Цо белларг уггаре а лакхара мах бу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Яьржинчу ойланашца корах ара а хьоьжуш, туьканан гIопасти тIехьа лаьттара йохкархо. Цхьа жима йоI туьканна тIе а еана, шуьйрачу корийн ангали тIе мара а гIортийна, шуьйрра биллинчу бIаьргашца хьежа хIоьттира. Ша лоьхучунна тIехь хьажар сецча, йоккхаерах буьзира цуьнан ши бIаьрг. Туькана чу а еана, безчу тIулгийн баьццара туьтеш шена гайтар дийхира.
– ХIара туьтеш сайн йишина эца лууш ю со. ХIорш чудахка хаза гIутакх дуй шун? – хаьттира цо.
Йохкархо ца тешаш хьоьжура йоIе, тIаккха хаттаза ца Iавелира:
– Ахча мел ду хьоьгахь?
Киснара йовлакх схьа а даьккхина, цу юкъара цхьа кана хиллал кегий ахча гIопасти тIе охьадоьхкира цо. ТIаккха дегайовханца хаьттира:
– ХIара тоьар дуй?
Масех капек бен яцара охьайиллинарг. Амма йоIа сихъелла дуьйцура:
– Йоккхахйолчу йишина совгIат дан лууш ю со. Дукха хан ю тхан нана елла, хIетахь дуьйна тхан доладеш схьайогIу и. Шега ладогIа хан ян а ца йогIу цунна. Тахана цуьнан йина де ду. ХIара тайпа туьтеш шена делча, цунна мел хазахетар ду хаьа суна! Цуьнан бIаьргашца мел догIуш ду хIорш!
Стага туьтеш схьа а эцна, уьш хазачу гIутакх чу а дехкина, зезаг деш тIехула дарин аса а хьарчийна, дIаделира йоIе:
– ХIан, лардеш хьолахь хIорш!
Ког лаьттах ца кхеташ дIахьаьдира йоI.
Белхан де чекхдолуш лаьттара туьканан неI а йиллина, чIогIа куьцехь йоI чоьхьаяьлча. Дийнахь туьтеш эца еанчу йоIах тера хийтира хIара йохкархочунна, бIаьрг ма-кхийтти.
ТIоьрмиг чуьра туьтеш а, гIутакх а, дарин аса а хьалаяьккхира йоIа.
– Кхузахь эцна дуй хIара туьтеш? ХIун доьхура кхарах?
– Сан туьканарчу муьлххачу а хIуманан мах ас эцархочуьнца барт баре терра хуьлу, – элира йохкархочо. – И тхойшинна юкъахь а дуьсу...
– Амма сан йишин масех капек бен яцара! Ткъа хIара туьтеш механа деза хила деза! ЦIенчу тIулгех ма ду хIорш?! Тхан аьтто бац хIорш эца...
Стага гIопасти йисте а веана, хьалха ма-хиллара, туьтеш дIа а хьарчийна, дIакховдийра:
– Цо уггаре а беза мах белла кхарах... Муьлхха а воккхачо лур болчул а дукха: цо шен долахь дерг дерриге а схьаделла!
Жимачу туьканахь тийналла хIоьттира. Дегочу куьйга гIутакх а къуьйлуш лаьттачу къоначу йоьIан беснеш тIехула бIаьрхин тIадамаш керчира...

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат