Menu


Хьекъале дешнаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIора стага а шел тIаьхьа лар йита еза, цхьаъ дита деза. КIант я киншка, сурт я гIишло, гIаддайча – кибирчигийн пен, айхьа тегна мачаш я стоьмийн беш. Дуьненахь волуш хьайн куьг хьакхаделла, хьо дIаваьллачул тIаьхьа хьайн синна тем карор болу хIума. Ахь йитина лар адамашна мел го, хьо дийна хир ву…
Брэдбери Рэй
Ша шех къахетарг даима а цхьалха ву, хIунда аьлча, цуьнан даг чохь шена бен меттиг ца хуьлу.
Тартт Донна
Хазалла яц безам кхуллург, безам бу хазалла гойтург.
Толстой Лев
Ца оьшучунна хьайн са а, дог а ца даггол, айхьа хьуо лоруш хила.
Бронте Шарлотта
Нагахь шаьш цхьаъ везаш делахь, шен моьнашца, гIайгIанашца, кхачамбацаршца веза хьовса и.
(Iаьрбийн кица)
Доккха хи тийна хуьлу, хьекъалечу стага аз ца айдо.
(Чинахойн кица)

Гочдинарг – Петирова ПетIамат