Menu


Машар…

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Дуьненна а машар! ХIора хIусамна а машар! Цхьа жима дешархо ю сан скайпехула нохчийн мотт Iамош. Цхьа леррина, хIора элп а, дош а даггара тIелоцуш, дуьхе кхиа гIерташ йоллучу цу йоIана хьехаран программица догIуш доцург а, цкъачунна цунна цунна хьеха хьалхе дерг а дийца лаьа, урокан хан чекхъяьлча а, къамел хадон а ца лууш. БархI шо бен доцучу Эсилас дукха резахуьлий ладугIу.
ХIора урок чекх мосазза йолу, даима а айса ма-хаттара: «Кху урокехь хьуна уггаре а хазахеттарг хIун дара?» – аьлла хаьттича, «М» элп Iамочу урокехь Эсилас суна жоп делира: «Машар!»
«Маржа, Эсила, цу дешан декар а, яздар а хазделлачу хьуна, цуьнан маьIна довза ма хала ду-кх! Дала тIе ма доуьйтийла-кх, машаран мах хаа тIеман къахьо кхин цхьанна а гар!» – ойла кхерстира коьртехь… Бераллин шерашка со юха а юьгуш.
ХIетахь школехь дуьйцура машарх а, тIамах а. Дийцарш а, байташ а Iамайора. Уггаре а дика хьан юьйцу къовсалуш, мохь туххий и байташ а дIа а йоьшура…гIора ма-дду чуьра аз а доккхуш, классан чоьнаш зевне екош, машарх дуьйцучу тхуна жимма тIаьхьа хиира, цу машарх лаьцна меллаша, и къахкорна кхоьруш, аз лахдеш дийца дезий…цуьнан мах хаархьама, тIеман къахьо Iовша езий а…ткъа цунах, цу лазамах, даг тIе буй а бетташ дийца хала дуй а…
Нохчийн берийн бералла мосазза Iадийнера тIамо, мосазза мерцинера, хийла чIана, акха керста дитинера…цунах лаьцна киншкаш тIехь бен деша йиш яцара, цу тIехь дуьйцучул а сов, кхин девзар доцуш ду а моьттура.
Амма кхин цкъа а цу гоне довла, кхин цкъа а и къахьо Iовша езаш хиллера, цкъа аьлча а, йоккха хан юкъа ца юлуш шозза…Хьалхара тIом биц а беш, цуьнан эрчо гIан а тардеш, шолгIа тIом лан а дийзира…
Машар лаха а, цунах беза мах бала а дийзира! Дукха беза мах!
Эзарнаш хIаллакьхилларш, тIепаза байнарш, тхов кIело йоцуш бисинарш, да-нана доьзалх, доьзал дех-ненах, хIу хаьддарш, кхерч байнарш…масане дара уьш, масане ду уьш…
Амма серло боданца къуьйсуш хиларе терра, Нохчийчохь юха а малх боьлу, юха а берийн зевне аьзнаш хеза, хIинца тIекхуьу чкъор стигалх а ца кхоьру, уьш кеманашна а доьлу, мацах тхо санна… «кема, тхо дIадигахьа» бохуш, куьйгаш лестош, цу тIехь волчу стага тхайна совгIатна кампеташ тийсаре дог а дохуш, цо тийсича а уьш тхайн хIоранна а цIарах хила еза а моьттуш лелла йолу сан нийсархойн бералла юха ца ерза дIаяханехь а, таханлерчу берийн йиш ю-кх маьрша дела, ловза…
Керлачу шарца, махкахой!
Машар хуьлда вайн хIора а хIусамехь!
Машаре хуьлда вайн дахар!

ПЕТИРОВА ПетIамат