Menu


Дика г1уллакхаш де – уьш даима а юхадоьрзу!

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ТкъолгIачу бIешеран юьххехь шотландхойн къомах волу цхьа даьхнилелорхо хилла уьшалш йолчу меттехула цIа вогIуш.
ЦIеххьана орца дохуш хьоькху мохь хезна цунна. ГIоьнна хьаьддачу цунна гина уьшало чуозийна кIант. Цу юкъара хьалавала гIерташ ветталуш хилла кIант, амма дIаса мел хьаьвза а, сихо хуьлуш хилла бухавахаран. Дан амал цахиларна а, кхераваларна а мохь хьоькхуш хилла цо. Даьхнилелорхочо сихха хадийна, стомма га кховдийна кIанте, цуьнан гIоьнца хьалаваьлла шен дахарх дог диллина хилларг. Хорша еъча санна, вегош, бIаьрхиш ца сацалуш хилла кIанте!
– Вало соьца, – аьлла даьхнилелорхочо. – ТIера бедарш а якъош, вох а луш, жимма меттаван веза хьо.
– ХIан-хIа, – аьлла кIанта, – да ву соьга хьоьжуш. Сагатдеш хир ву и!
Баркаллица шен орцахочун бIаьра а хьаьжна, ведда дIавахана кIант…
Тоьлла говраш а йоьжна, кечйина хIургон сецна шолгIачу Iуьйранна даьхнилелрхочун кетIахь. Цу тIера охьавоьссинчу хаза кечвеллачу стага хаьттина:
– Хьо варий селхана сан кIант кIелхьараваьккхинарг?
– Вара.
– ХIун дала деза ас хьуна?
– Суна хала ма хетийтахьа! Хьо суна хIумма а дала дезаш вац, муьлххачу а стеган декхар дерг ду ас динарг.
– ХIан-хIа, иштта дита ца лаьа суна сайна дина гIуллакх. Ахь схьааьлла мах лур бара ас, – юхаволуш ца хилла веанарг.
– Цу хьокъехь кхин къамел дан а ца лаьа суна. Iодикайойла! – чуваха дIавирзина даьхнилелорхо.
Цу хенахь ведда чуьра араваьлла цуьнан кIант.
– ХIара хьан кIант вуй? – хаьттира таро йолчу хьешо.
– Ву, – кIентан коьртах куьг а хьоькхуш, дозаллица жоп делира дас.
– ТIаккха вай цхьа хIума дийр ду. Ас сайца Лондоне дIавуьгур ву хьан кIант, цигахь доьшуьйтур ду цуьнга. Шен да санна и яхь йолуш велахь, вайшиъ дохко а вер вац.
Цул тIаьхьа масех шо даьлла. Даьхнилелорхочун кIанта школа а яьккхина, цул тIаьхьа лоьрийн институт а. Цуьнан цIе дуьненахь а гIараяьлла пенициллин олу молха юкъадаьккхина аьлла. Флемминг Александр хилла цуьнан цIе.
ТIом балале хьалха Лондонан клинике пехаш шелделла лазар гена а даьлла, тохалерчу стеган кIант кхаьчна. Флемминга схьадиллину пенициллино кIелхьаваьккхина и.
Флемминге дешийтинчу таро йолчу стеган цIе Черчилль Рандольф хилла, ткъа цуьнан кIентан цIе Уинстон Черчилль хилла. Цо аьлла ду: «Ахь динарг хьуна юхадоьрзуш ду».
Гочдинарг – ПетIамат ПЕТИРОВА