Menu


Тийналле ладог1ар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа цхьана даьхнилелорхочунна йол Iалашъечу божалахь ша сахьт дожийний хиъна. Механа деза дацахь а, цунна мехала и сахьт, совгIатна делла хиларна.
ХIотталц и лехначул тIаьхьа, гIора а кхачийна, охьахиъначу даьхнилелорхочунна жимма дехьа ловзуш кIентий гина. Сахьт карийнчунна совгIат а кхайкхийна, и лаха аьлла цо кIенташка.
И хезча, схьабевддачу кIенташа и йол тIекIелтоьхна, амма шаьш лоьхург ца карийна. Сахьт карорах дог а диллина, даьхнилелорхо дIаваха тохавеллачу хенахь, цхьана жимачу кIанта тIе а веана, шега кхин а цкъа а лахийта сахьт, дIаваха сих ма ло аьлла. КIант дукха даггара лелаш хилар хааделлачу даьхнилелорхочо пурба делла кIантана кхин цкъа а божал чу ваха.
Цуьнан цецваларан доза ца хилла, дукха ца Iаш, карахь сахьт а долшу, араваьлла схьавогIу кIант гича. Массара а лехарх ца карийна сахьт муха карий хьуна оццул сиха хаьттича, кIанта жоп делла:
«Ас кхин къа а ца хьийгира. Лаьтта охьа а хиина, ладугIуш Iийра со. Тийналехь суна хезира сахьтан «тIак-тIик», и хезачу тIе а вахана, ас сахьт схьаийцира».
Билгалдаккха догIург: хьо синтеме, паргIат хилча, ойла дика яло, сихаллехь ечул а. Шайн кхетамна дийнахь масех минот мукъане а тийналла ло, тIаккха гур ду шуна, цо шайна мел гIо до!
Ткъа синна-м даима а ма хаьа, тодалархьама шена хIун оьшу…
Гочдинарг – ПетIамат ПЕТИРОВА