Menu


Нагахь хиламаш хийца хьайн йиш яцахь, цаьрга болу хьежам хийца

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цхьа йоккхастаг даима а йоьлхуш хилла. Цуьнан йоккхахйолу йоI яханарг четарш духкуш хилла, жимахъерг яханарг – дуткъа, малхехь дакъош долу чIепалгаш духкуш.
Малх хьаьжна, йоькхана хилча: «ЭхI! Тахана хенахIоттам дика бу, тахана цхьамма а сан йоIера четар оьцур дац. ХIун дийр ду-те?!» – олий, йоьлхуш хилла и.
Йочана хилча: «ЭхI! ДогIа ду-кх догIуш, чIепалг дакъон малх ца хилча, цхьамма а оьцур ма дац и сан йоIера! ХIун дийр ду-те?!» – олий, йоьлхуш хилла.
Иштта муьлхачу а хенахIоттамца елха бахьана долуш хилла йоккхачу стагана: цкъа йоккхайолчу йоIах къахеташ, тIаккха – жимахйолчух.
Цкъа дуьхьалкхеттачу цхьана дикачу стага хаьттина цуьнга, даима белхамаш хIунда бо аьлла.
Шен бала балхийна йоккхачу стага.
Вела а къежна, хьехар дина цунна дикачу стага:
– ХентахIоттам хьоьга хийцалур бац, амма хьан карахь ду цуьнга болу хьежам хийцар. Йоькхана хилча, хьайн жимахйолчу йоьIан ойла е: «Малхо чIепалг дика дакъийча, мах дика хир бу-кх!» – алий. Йочана хилча йоккхахйолчу йоьIан ойла е: «ДогIа а доладели! Четарш дика дIагIур ду йоьIан!» – алий.
Шена динчу хьехарх йоккхайина ца йолуш, дикачу стагана баркалла а аьлла, дIаяхана йоккхастаг. Цул тIаьхьа даима а ха¬захетарх дуьзна хилла цуь¬нан а, цуьнан йоьIарийн а дахар.
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат