Menu


Хьехархочун васт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Сайн дешархошка аса хаьттира, муьлхачу хIуманца кхуллур дара аша хьехархочун васт, аьлла. Жоьпаш тайп-тайпана дара. Хьехархочун васт дашочу маьлхан схьакхетарех тера ду элира цхьаммо.
Стиглахь, малхбалехьа, гучуйолу серло. Мархийн бос дашо беш, баххьашца къегачу малхо зIаьнаршца бода дIатотту. Къаьсттина хаза хуьлу Iалам сатоссучу хенахь. Садаьржаш, дей-буьйсий къаьстачу хенахь, гучуболучу малхо ма хаздо Iалам! Маьлхан зIаьнаршка сатоссий хуьлу дуьненчохь мел йолу садолу хIума а. Дей-буьйсий къаьстачу хенахь таро хуьлу серло боданах къасто. Кхузахь дагадогIу кица: «Дешар – серло, цадешар – бода». Дуьненан исбаьхьалла гучуйоккху малхо.
Малх схьакхетачу хенахь, дуьххьара цуьнан гучуевлла зIаьнарш кхерста йолало диттийн баххьаш, коьллаш, бецаш, зезагаш тIехула. Маьлхан зIаьнарш ца кхочуш меттиг бисац! Йовхачу зIаьнарша, набарха самадоккху Iалам, ломан баххьех хьакхалуш царна чу са кхуллу.
Маьлханан серлоно, сатоссучу хенахь ша-тайпа басаршца хаздо Iалам. Дуьне самадоккхуш, дендо малхо. ХIорда йистехь маьлхан схьакхетар гинчунна гина хир бу хIордан тIехула малхехьа боьду некъ. Цо таро хуьлийта иза хIордана чуьра схьакхеташ бу моттийта. ХIора минот мосазза ели малх лакхабаларца, шен зIаьнаршца луш йолу йовхо совйоккхуш, таро хуьлийту ненан куьйгаша лучу йовхонах дIатаръян. Малхо ло шен йовхо массарна а, цаьргарчу дикане са ца туьйсуш.
Малхах тера хета суна хьехархочун васт а. Шегара хаарш дешархошна дIадалар, адамалла кхиор, гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Малх санна серло йохьуш хьехархо вогIу дуьненчу. Цо дендо Iалам, дIадотту бода. Iаламе, Даймахке, массо а дуьненчуьра садолчу хIумане безам-марзо кхиорца дIахьо цо дешархошца кхетош-кхиоран болх. Дешархо кхуьу цу массо а хаарех пайда оьцуш.
Дуьненчохь нурца лепа дашо малх санна, серло йохьуш, вогIуш хила веза хьехархо! Сан цхьана дешархочо элира: «Iаламна оьшу малх санна, дешархошна а оьшу малх санна, хьехархо».
Дог аьлла билгалдаьккхира вукхо. Дагца ю йовхо элира цо соьга, марзо, безам, ирсенан къайленаш. Шеца йолу и массо а синмехаллаш схьакховдайо хьехархочо дешархошка.
ЦIий ду элира кхозлагIчо, цIий лелаш ца хилча адам а ца деха. Цунах тера ву хьехархо, даима лехамийн новкъахь.
Хенан хIоттам аьлла билгалбаьккхира цхьана дешархочо. Ткъа хIунда бу и хенан хIоттам аьлла хаттар дира ас.
Цо дийцира: «ХIора догIу де вукхунах тера доцуш ша-тайпа догIу. Цхьана дийнахь малх хьожу, вукху дийнахь догIа а, ло а догIу». Хьехархо цу хиламех тера хета шена, элира цо. «Цхьана дийнахь кхетта малх санна сирла, самукъане, дог догIуш хуьла и, ткъа наггахь шен дагара ца хаийта гIертахь а, самукъадолуш ца хуьлу», – элира дешархочо. Ас ойла йира…
Мел мехала хийтира суна цара кхоьллина хьехархочун васт. Цара гойтура дешархочун хьехархочуьнга болу ларам а, безам а. Царна лаьа вай даима а лехамийн новкъахь, нур лепа дашо малх санна, дегайовхонца хуьлийла.
Дала аьтто бойла вайн оцу новкъахь!

ИСАКОВА Бирлант, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо