Menu


Халонех цакхерарх дийцарш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа шен дешархошца новкъахула вогIуш хилла цхьа хьехархо. Ор чу боьжна сту хьалабаккха гIерташ, гIора а кхачийна, тасавелла воллуш стаг гина царна. Хьехархочо бIаьца йина шен дешархошка, цара цхьаьнне тIебирзина, хьалабаь ккхина сту.
КхидIа некъ беш, юха а гина кхарна ор а, цу чохь сту а, йистехь къаьхьачу белхарца хиина Iаш стаг а.
Шена и сурт ца гуш санна, тIехваьлла хьехархо.
– Хьехархо, шолгIачу мискачу стагана гIо ма ца ди вай? Ца лиира хьуна? – хаьттина дешархоша.
– Воьлхуш гIо данний?

***
Мачаш ярехь гIараяьллачу цхьана фирмин куьйгалло шайн ши белхахо хьажийна Индин махка, мачаш йохкар цигахь муха хир ду хьажа.
Инде дIакхаьчча, цхьацца агIор дIасаваьлла и шиъ, меттигера хьал талла а, мачаш кхузахь дIа муха йоьлху хьажа а.
Масех де даьлча, цхьаъ юхавирзина:
– Цигахь мачаш лелош цхьа а вац. Эрна хан яйъа а ца оьшу цигахь мачаш йохка гIерташ!
ШолгIаниг хIинца а юхаверзаза хилла, шен накъоста динчу жамIех дерг хууш ца хилла цунна.
Жимма хан яьлча, кехат кхаьчна цуьнгара:
– Накъостий, вай кхуза ян леринчу мачийн терахь кхузза совдаккха мегар ду. Кхузахь хIинца а цхьа а вац уьш лелош!
Иштта ду-кх дахаран хьал: хIорамма а шен хьежамца хадабо-кх хIуманан мах…
Гочдинарг – Петирова ПЕТIАМАТ