Menu


Нохчийн меттан хьехархо – лаккхара дарж

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Карабеъна а балале юм эцна боьду хIара оханан бутт. Шен цIарца а лаьттаца бан безачу белхашна тидам хила безар гойту кху батто, амма вайн къоман дахарехь кхин цхьаъ а, охана дан дезаш меттиг а ю кхуо билгала йоккхуш. Иза – нохчийн мотт, вайн къоман мотт бахийта, безийта, кхион дан дезарг ду. Муьлха охана дича кхуьур бара-те, лаьтта тIера дIа ца болуш буьсур бара-те иза? Оцу хаттаршна жоп карон къахьоьгучарах бу нохчийн меттан хьехархой.
Бакъболу нохчийн меттан хьехархой бу ас буьйцурш. Шайн ненан мотт безаш буьйцуш, безаш хьоьхуш, иза дукхабезарна, иза кхуьур болу некъаш лохуш, карош, цу тIехь къахьоьгурш. Ишттанаш хилар кхин цкъа а тийшира со Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу гимназин нохчийн меттан хьехархо Эльбиева Луиза евзича.
– Луизел оьзда а, гIиллакхе а йолчу нохчийн йоIа латта ца хьаьшна, – даггара элира кху гимназин куьйгалхочо Гучигов Ризвана, – нохчийн къоман зударийн а, нохчийн меттан хьехархойн а юьззина векал а, оцу меттан говзанча а ю иза. Цо цкъа а аз айдина хезна дац суна берийн а, белхахойн а коллективехь. Цхьа цIена, сирла, адамаллин ерриге а дика амалш шеца йолуш ю Луиза. Вуьшта, балха тIехь дика ларош, лаккхара жоьпаллин къинхьегамхо а ю. Цхьа а шо дIа ца даьлла, цо Iамочу бераша цхьацца олимпиадашкахь, конкурсашкахь дакъа ца лоцуш а, толам ца боккхуш а.
Кхиамца Хьалха-Мартан №1 йолу школа чекхъяьккхина, цул т1аьхьа меттигерчу университетан филологин факультет а яьккхина, 1984-чу шарахь, Луиза нохчийн меттан хьехархочун болх бан йолаелира Соьлжа-ГIалин № 61 йолчу школехь.
Цул тIаьхьа, кху 33-чу шарахь, ша хаьржинчу некъана юьстаха яьлла а, я дохкояьлла говзалла хийцина а меттиг ца еъна цунна, мелхо а хIора шарахь керланиг довзарна тIехь къахьоьгуш а, и карадерзорна тIехь кхиамаш бохуш схьайогIу иза.
Гимназин директора Р.Гучиговс кхин дIа а дуьйцу:
– Нохчийн меттан а, литературин а методист хиларе терра, Эльбиеван белхан меттиг тхан гимнази хилла Iаш яц, цо дакъалоцу районехь а, республикехь а дIахьочу вайзаманан нохчийн меттан проблемаш йийцаре ечу Iилман-практикин конференцешкахь. Дуккха а шерийн белхан зеделларг доькъу районан школашкарчу хьехархошца – ша дIахьочу йиллинчу урокийн буха тIехь кечйо царна лерина семинараш. 2013-чу шарахь Луизас толамбаьккхира районехь дIаяьхьначу «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» конкурсехь, оцу шарахь, изза цIе йолчу республикин конкурсан дипломант а хилира цунах. 2015-чу шарахь цо дакъалецира «Юкъарадешар керлачу стандарташна тIедовларан некъаш» довзийтарна леринчу Ерригроссин семинар-совещанехь а. Еккъа цхьа хьоьхуш йолу хьехархо хилла Iаш яц Эльбиева Луиза – иза корматаллин говзанча ю.
Иштта дешнаш нохчийн меттан хьехархочух ала куьйгаллин хилар доккха дозалла ду.
Хууш ма-хиллара, хьехархочун белхан доккхахдолу дакъа берийн кхачаме хаарш ду. Оцу агIор а кхиамаш бу Луизин. Масаллина аьлча: 2015/16-чу дешаран шарахь Эльбиевас хьоьхучу дешархойн нохчийн меттан хаарш 65,5 процент яра, литературехула хаарш – 71,2%; 2016/17-чу дешаран шарахь – нохчийн меттан хаарш 67,8 проценте кхаьчнера, ткъа литературехула – 78 процент. Оцу кIеззигчу терахьаша а гойту, Луиза шен хаарех тоам бина Iаш цахилар а, хIора а шарахь муьлхха а цхьа кхоллараллин керланиг юкъадалош, цо къахьоьгуш хилар а.
– Вайзаманан бераш кIез-
зигчу хIуманах тамаша беш дац, – дуьйцу цо, – цхьаццадолчунна тIехь уьш хьехархочул а генабевлла а хуьлу. Вайн ма хаьа, мел аьрга яра вайна дуьххьара юкъаяьлла компьютер, проектор, ткъа тахана, уьш ца хилча, вайн болх дIа ца боьду. Ткъа бераш иштта долчу керлачунна тIе сиха кхуьу. И чIогIа дика а ду.
Дешархойн хаарш, цара мах хадор – иза ду-кх хьехархочун белхан лаккхара тIегIа. Оцу некъа тIехь а алссам кхиамаш бу Луизин. 2017-чу шарахь, кхуьнан дешархоша Цыкаева Хедас а, Мусаева Аминас а ненан мотт а, литература а номинацехь толамбаьккхира дешархойн Ерригроссин олимпиадехь. Оццу шарахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» конкурсан толамхо яра Даллаева Элита а. Ткъа 2017-чу шеран ОГЭ-н жамIаш а уггаре а лаккхара, 100 проценте кхочуш дара Луизас хьехначу дешархойн.
– Луизин муьлхха а урок йиллина ю, – билгалдира кхеран куьйгалхочо Р.Гучиговс. –Муьлхха а могIара урок вайзаман технологин гIоьнца ло цо. Шеко яц и коьрта бахьана ду цуьнан дешархойн кхачаме хаарш хиларан. Стохка нохчийн меттан ОГЭ а Луизас хьехначу 51 дешархочо дикачу а, лаккхарчу а хааршца дIаелира.
– Тхан коллективехь Луизас болх бо 20-гIа шо ду, – дийцира кхуьнан белхан накъоста Бетельгериева Сепас а, – тхуна евзичхьана а, нохчийн меттан хьехархочун лаккхара дарж дIакхоьхьуш ю иза. Иштта ала таро ю сан, цуьнан болх сайна дика бовзарна. Школин дахаре керла стандарташ юкъайовлале а дикка хьалха вайна Iемина йолу ламасталлин урокаш керлачуьнца тIеюзуш а, уьш исбаьхьаллин агIор къегина луш а, шен дешархойн хаарш кIорггера хилийта керла некъаш лохуш а къахьогуш схьайогIура иза.
Луизас дийцарехь, керлачу стандарташца нохчийн меттан урокашкахь бечу балхахь, цунна уггаре а мехала карийна берашца тобанашца а, шишшаммо цхьана а кхочушбен болх.
– Оцу белхашкахь хIоранна а шен накъостан гIалат сиха го, юкъахь бечу балхахь вовшийн хаарш тIедузу, вовшийн гIо-накъосталлина Iема, – дуьйцу цо. – Ткъа Iамийнарг тIечIагIдеш жамIдарехь (рефлекси) хIора а дешархочун таро хуьлу шена девзина керланиг санна, ша цакхеттарг а билгалдан а, шаьш-шайн а, вовшийн а мах хадон а. Бакъдерг аьлча, вовшийн мах хадор мелла а кIезиг хилийта хьожу со. ХIунда аьлча, уггаре а амал кхуьу а, дерриге а уллора тIелоцу а хенаш ю сан дешархойн, цундела царна юккъе дегазалла йожарна кхоьруш, ларло со.
Керлачу стандартийн могIара урок яра 8-чу классерчу берашца Луизас дIаяьхьна нохчийн меттан литературин урок-суд. «Бехке вуй Олдам шена хиллачу бохамна?» тема елларна леринарг а. Бадуев СаьIидан говзаршкахь хаза буьйцучу нохчийн маттахь, тIерачу духаршца нисбеллачу дешархоша башха ловзийра шайн ролаш. Тешаме векалийн кхеташонон (присяжные заседатели) кхиэл хилира: Олдаман дахарехь хиллачу бохамна бехке иза вац, аьлла. Олдама гайтинарг шен деца болу лерам лаккхара хилар дара. Къоман юкъараллехь бехачу могIара бахархоша шайн дайн гIиллакхаш ишттачу халонех чекхдовлуш Iалашдарна дехаш ду тахана а. Советан Iедало дукха къахьегна «ширачух бухадисина Iадат» вайна юккъера дIадаккха гIерташ. Иштта, итт я бIе шарахь цкъа адамийн тIаламазаллина дахарехь нислуш дерг, къоман гIиллакхех хилар а чIагIдеш. Амма оцу дерригенан а мах хадон корматалла тоьира дешархошна. Шеко йоцуш, иза цхьана урокан жамI дацара, оцу кхиэлана бераш тIедалош, хьехархочо дукха къахьегар гуш дара.
САРАЛИЕВА Табарак