Menu


Беза, хаа хьайн ненан мотт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Маттаца доьзна ду адамийн дахар. Цо шена чулоцу къоман гIиллакхаш, Iер-дахаран хьелаш. Мотт ца хилча, дIайолу дуьненчохь цуьнан халкъ хиларан лар. Цу тIе а доьгIна, дийца луур дара сайна хезна долу, дахарехь хилларг. Цхьабашха ша-тайпа, экаме хилла сан дийцархочун дахаран некъ. Цуьнан чолхечу некъан тидамаш йозане дерзо луур дара суна.
...Сан да а, нана а цхьана къомах дацара. (Тахана боцуш бу уьш. Дала декъалбойла уьш). Омскехь Iачу хенахь цуьнан башхалла ца гора суна. Амма тхо Нохчийчу цIа дирзича, доьзалехь цхьацца дар-дацарш хуьлура. Цу хьокъехь дIасакъаьстира сан дай, наний. Сан дагна хилира ца йоьрзу чов. Со жима хиларе терра, сайн ненаца гIалахь сецира.
Шераш дIаоьхура. Со 4-чу классехь а йолуш, сан нана кхелхира. Цу дийнахь кхоьлира маьлхан дуьне. Жима хан яьлча хиира суна, и бохург хIун ду, сан даг тIера доьжна хиллера зезаг. Со йисира ненан марзонах хаьдда. Тезета еанчу ненананас Омске дIайигира со. Цигахь ас яьккхира 4 шо хан. Со 8-чу классе яьлла хан яра и. Ас ойла ян йолийра…
Сан да суна чIогIа дукха везара. И волчу со яхча, суна гора нохчаша леладо гIиллакхаш а, церан вовшашца болу ларам а, марзо а. Шовданан эшарехь бекара нохчийн мотт. Амма со Омске схьаеъча, кхечу тайпана хуьлура шадерриг. Со кхийтира. «ХIан-хIа, со Нохчийчохь Iен а, яха а дIаяха еза», – элира ас сайга. Сан сацам хилира, сан да волчохь саца. Ткъа ненанана?... Хаьара цуьнан дог Iовжор дуй, амма ас тIаьхьенна ойла йора. Ткъа тIаьхьено гойтург ирчо хийтира суна со ненаненаца сацахь.
«Дай баьхна латта», – олуш хезнера суна. Ткъа да (нана йоцуш ма ю, цо-м со сай дена гена а ца яьккхинера) сан са, сан дахар ма ду! Да волчу кIезиг яхар бахьана долуш, суна дика ца хаьара нохчийн мотт. Кхетара и ца хиъча, сан йиш йоций. И Iамо а, цуьнан хазалла сай маттехула дIакхачо а чIагIо йира ас. Со ца Iеелира хаттар данза сан доттагIчуьнга. Аша олу: «Нана ма ю вайца, кхечу верасел хьалха мотт буьйцуш ерг: аганан иллешца, дайн хьуьнарех долчу дийцаршца, бераллин мерзачу туьйранашца цуьнга марзо, ларам кхуллуш ерг. Цундела олу вай цунах ненан мотт. Ткъа тахана сан нанас бийцина а, я эшарш лекхна а ма ца безабелла суна нохчийн мотт!? ХIун ду-те суна и марзбалар а, цуьнга сатийсар а?» Сан доттагIчо элира: «Цунна жоп ахь айхьа лур ду кестта». Со кхийтира, цунна жоп ас лаха дезаш хилар.
8-чу классе сан яхара нисделира юьртарчу школе. Цигахь хьоьхуш бара нохчийн мотт. Со юьртарчу школе хIунда яхара аьлла хаьттича, сан жоп иштта хир дара. Цкъа делахь, Соьлжа-ГIаларчу школашкахь нохчийн мотт хьоьхуш бацара, шолгIа делахь, сан доттагI яра ехаш цигахь. Цундела элира ас дега со юьртарчу школе яхийта аьлла. Сан дахар дIадахара бабица. Бабас сарахь, массо а бер схьагулделча, туьйранаш, легендаш, иллеш дуь-
йцура. Мел самукъане а, инзаре а хуьлура уьш. Тхан суьйренаш чIогIа самукъане хуьлура. Набарна со товжош, сан нанас аганан илли ца аьллехь а, нохчийн барта кхолларалло а, нохчийн метан хьехархочо а доккха дакъа лецира сан нохчийн матте болу безам чIагIбеш. Нене болу безам аса нохчийн маттахь балхабора. Сан лаам а, харжам а нийса хиларх цхьа шеко ца кхоллаелира сан. Суна хаьара со нийсачу новкъа йоьдуш юй. 8-чу классехь йолу литература еша йолийра ас, ца кхетарг йоьдий хоттура сайн доттагIчуьнга а, хьехархочуьнга а. Цара дукха лерина со кхетош-кхиош болх бора. Сан цунах чIогIа самукъадолура. Ас Iамо йолийра нохчийн поэзи. Ш.Арсанукаевс аьлла дешнаш хIора а дийнахь коьрте хьийзара.
Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан, шовданал цIена бу и.
Сан дог хазахетарца деттало, сан лере цу могIанийн аз деъча.
Абузара Айдамировс язйинчу «Еха буьйсанаш» романа тIехь Iемира суна нохчийн маттахь деша. «Еха буьйсанаш» – иза историн бIешераш, нохчашна шаьш бевзичхьана – нохчех долу бакъдерг ду. Айдамиров Абузара «Ненан мотт» аьлла йолчу байт тIехь:
Ненан мотт, хьуна тIетийжаш,
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,
Ловш Iийна уьш и буьрса денош.
Мел кIоргера а, деза а маьIна ду цу могIанашкахь. Мел хала дац вайна тIе товжа а, вайн дог-ойла гIатто а бийца ненан мотт хилча. Хийла дог доьхна, синтем байна со йисча, ас караоьцура нохчийн поэзин жовхIарш. Ночийн мотт беза а, сийлахь а ларар, и къоман куьзга а дина дIахIотто безаш хилар чIагIдо вайн сийлахь яздархоша шайн произведенешкахь. Вайн къам, къонахех лаьтташ хиларна, схьадеана таханлерчу дийне вайн меттан сийдеш.
«Маца девза доттагIалла» цIе йолу роман язйина волчу Жимачу АтагIара хилла волчу Арсанов СаьIид-Бейга Алма-Атахь зорбатухуш аьллера, ша алссам ахча лур дара хьуна, хьо хIирин къомах ву алий, зорбане яккхийта хьайн роман. Шегахь нохчийн къонахчун яхь хиларна, ахча ца оьшу, нохчо ву аьлла цIе ю суна сийлахь ерг, аьлла, схьавеанера СаьIид-Бей. Ши кIира даьллачул тIаьхьа, СаьIид-Бейн говза язйина роман, дIаяхьа а веана, нохчийн цIарца зорба туьйхира Алма-Атахь.
Дицдан йиш яц Сулейманов Ахьмадах вайна даьлла беркат. Советан Iедало съезд а йина, нохчийн мотт дIабаккха беза аьлла сацам бина хилла. ТIаккха Ахьмад вистхила трибуни тIе волавелла. Ахьмаде трибуни тIе ма гIо бохуш, берана санна, тIе мохь хьоькхуш, вон чехош хилла. Ахьмада шегахь хьекъал а, нохчийн къонахчун яхь а, меттана говзалла хиларе терра, цара дуьйцург шена цахезачуха, трибуни тIе а вахана аьлла: «Аша бохучунна реза-м дара тхо, делахь а, цхьа хIума ала луур дара, лаьмнашца дехаш долу нохчийн къам оьрсийн маттана говза дац, нохчийн мотт дIабаккхахь Ленинан сийлахь цIе а, цуьнан омранаш а цаьрга муьлхачу маттахь дIакхачор ду оха?» Ахьмадан и дешнаш бахьана долуш шайн сацам бохийна хиллера цара. Велла а, висна а къоман гIуллакх шен сил а хьалха даьккхинера Ахьмада.
Вайн дайша вайга белла тешам бу вайн мотт. Вайна тIехь ду и тешам вайна тIаьхьа богIучаьрга дIакхачор. Делан Элчано аьлла, Делера салам-маршалла хуьлийла цунна: «Шайга кховдийна тешам дIакхачабе…»
Со кхийтира хIун бахьана хилла суна нохчийн мотт марзбалар а, дай баьхначу латте сатийсар а!
…Сайн сочинени ерзош, ала луур дара, сан дийцарера турпалхочун санна, адам шен синкIоргалле кхевдича, матто толабо шен халкъе а, махке а болу безам!

АЙДАМИРОВА Седа, №8 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 9 «Г» классан дешархо