Menu


Хьекъале дешнаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIора адам – иза дуьне ду, цуьнца шеца кхолла а луш, иштта, дала а леш.
Гейне Генрих

Iовдалниг вевза шина билгалонца: эрна дукха къамел дарехь а, шега ца хоьттучух лаьцна дийцарехь а.
Платон

Нагахь дечиг айхьа даккхахь, цуьнца шозза вохвалар хир ду хьуна.
Форд Генри

Массо хIума ойланех дозуш ду. Ойла – массо а гIуллакхийн юьхь ю. Ойланашна тIехь урхалла дан йиш ю. ХIета, кхиамийн коьрта дакъа – ойланашна тIехь болх бар.
Толстой Лев

Киншка йоьшучуьра сацар – ойла ечуьра сацар ду.
Достоевский Федор

Хьан хьайга санна муьлххачу адаме ларам хилахь, хьайца безар боллу некъ ахь кхечуьнца а лелабахь – цул лакхахь, сийлахь хIумма а дац.
Конфуций

Хьан сийдайъа луучу кIезгачу нахана генахь сецалахь. Цул а ахь гергарло леладе сийлахь-оьздачу нахаца.
Твен Марк

Дахаре цабезам кхуллу цуьнца бен доцуш ойла хиларо а, малоно а.
Толстой Лев

Ларло, хьо хьайх а цатешачу ваккха гIертачарах. И кIезгачу нехан амал ю. Ткъа сийлахьчу адамо хьо тешор ву синхаамийн ницкъашца сийлалле кхочург хиларх.
Твен Марк

Гочдинарг – ТАКАЛАШОВ Султан