Menu


Дуьненан литературера

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Браун Фредерика яздина дуьненчохь уггаре а доца, кхераме дийцар:
«Лаьтта тIера тIаьххьара адам чохь хиъна Iара. Цхьамма неI туьйхира…»
***
Iаьмаркан яздархочо О. Генрис толам баьккхина уггаре а доца дийцар яздаран къовсамехь. Ламасталлин дийцаран хила мел еза коьчалш ю цуьнца – долор, кульминаци, дерзор:
«Шопар цизаьрка а латийна, бензин дуттучу бака чухьаьжира, ягориг мел йисина хьажа. Веллачун ткъе кхоъ шо дара».
***
Спартанцийн къамел доца а, кхеташ а хиларан масал ду Грецин дуккха а шахьарш яьхначу Македонин паччахьа Филлипа ШолгIачо даийтинчу кехатца:
«Шуна гIоли ду сихха карадахкар, нагахь сан эскарш шун лаьтта тIе довлахь, ас шун бошмаш хIаллакйийр ю, адамех йийсарш дийр ду, шахьарш йохор ю».
Цунна жоп спартанцаша цхьана дашца делла: «Нагахь».

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат