Menu


Малхбален дийцарш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ДоттагIий
Вехаш-Iаш хилла ши лулахо. Ло а дохьуш, Iа деана. Цхьа лулахо бел а эцна, ло дIадаккха араваьлла. Лулахо хIун деш ву те аьлла, цуьнан кетIа бIаьрг тоьхна цо. Ша дукха Iуьйре араваьлла хеташ волчу цунна шен лулахочун цIен тIе боьду некъ цIена карийна.
ШолгIачу Iуьйрана кхин а хьалхе араваьлла иза, амма лулахочун керта боьду некъ цIена хилла. Изза сурт хилла кхоалгIачу Iуьйрана а.
Цу дийнахь шаьшшиъ дуьхь-дуьхьал кхетча, хаьттина лулахочо:
– Со мел Iуьйре араваларх, хьан цIен тIе боьду некъ ло доцуш, цIена хуьлу-кх. Хьо маца лараво и дIадаккха?
Цкъа цецваьлла шолгIа лулахо, юха велавелла:
– Ас-м ца доккху и цкъа а дIа, доттагIий лела-кх со волчу даим а, цара датош хир ду-кх и.

Хьоьх ала дуьсу дош
Къона волуш, шен ден цхьана стагаца хилла къамел хезна Абин-Альсарана.
«Айхьа дийриг, ойла а еш, де. Хьо дIаваьлча хьоьх эр долу дош ларде» – хьехар деш хилла цунна и стаг.
«Со велча, сан дахар хедар ду. Цул тIаьхьа суна бен а дац, хIуъу аьлча а», – жоп делла дас.
Абин-Альсарана цкъа а дицлуш ца хилла и къамел. Шен дерриге а дахарехь адамашна дика болх бан хьожуш, царна гIо деш хилла цо. Кхечеран гIайгIа беш ву аьлла гIараваьлла иза. Абин-Альсар дIаваьллачул тIаьхьа дукха гIишлош йисина, адамийн дахар аттачу даккха цо яйтина йолу.
Шен чуьрта тIе хIара дешнаш яздайтина цо: «Хьо велча чекхдолуш долу дахар – ши шай мах боцу дахар ду».

Iожаллех вадалур вац
Цхьа хьалдолу стаг хилла шен ялхочуьнца цхьаьна бешахула волалуш. ЦIеххьана и ялхо кхеравелла, дехар дан воьлла, шена Iожалла ги, цо шена кхерам а теси, уггаре а маса говр лахьара шена, сарахь Тегеранехь хирриг, цуьнца новкъа вер вара ша бохуш.
Хьоладас цуьнан дехар кхочуш а дина, ялхо дукха сиха новкъа ваьлла.
ЦIа вогIучу хьоладена а гина Iожалла. Хаьттина цо:
– Сан ялхо хIунда кхерий ахь? Цунна кхерамаш туьйсуш ма хилла хьо?
Ас-м ца кхерийна и, – жоп делла Iожалло, – мелхо а, а цунах цецъяьлла ю-кх со, тховса сарахь Тегеранехь цуьнца цхьаьнакхета езаш йолу, и хIинца а кхузахь хиларх ца кхеташ…

Дуьне а, вай а
Мацах цхьана заманахь дукха йоккха гIала йина хилла цхьана паччахьо. Эзарнаш куьзганаш хилла цу гIали чохь, дерриге а пенаш, тхевнаш, цIенкъа куьзганех йина хилла.
Цкъа цу гIали чу тиладелла жIаьла иккхина. ДIасахьаьжча, шена гонах дуккха а жIаьлеш гина. БIаьрг тоьхначохь гуш дерш уьш бен хIума а доцуш. Церан дукхаллех цецдаьллачу жIаьло, царах лардархьама а, уьш кхерон а дагахь кIецаш йина. Цара массара а дуьхьал изза сурт хIоттийна. ХIинца кхераделла хIара жIаьла, лета доладелла. Шен берриге а ницкъ тIебахийтина, леташ хилла хIара, амма гонахара эзарнаш жIаьлеш а хилла хIара санна, леташ. ХIара марса мел долу, алсамдолуш хилла церан летар а… Iуьйранна делла карийна и пекъар. Куьзган чохь гуш дерг ша хиларх ца кхеташ, ша-шеца латтийнчу къийсамо гIелдина,
сахадийна цуьнан.
Иштта ду-кх хIара дуьне а, вай а…

Хийца муха вала веза?
Цкъа цхьана жимчу стага хаьттина эвлаяэ:
– Со хийца муха лур вара-те?
– Хьо – иза хьо ву. Хьоьга хьо хийцалур вац, хьайн когийн айрех вадалург цахиларх терра.
– ТIаккха хIумма а дан йиш яц? – чам байна жимчу стагана.
– Далур ду. Цунах кхета а кхетта, и тIеэцар.
– Ас сайн амал тIеэцча, со хийца муха лур ву?
– Ахь и тIе ца эцча, муха хийцавала воллу хьо? Ахь тIе ца лоцуш долу хIума хийцалуш дац, цхьана ханна охьатаIош ду.

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат