Menu


Хьекъале дешнаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

мБакъ дерг дийца ахь, тIаккха айхьа дийцинарг дагахь латтон дезар дац хьан.
Твен Марк

Боккха безам болчохь, дуккха а гIалаташ хуьлу. Безам боцчохь, дерриге а ду гIалат.
Фуллер Т.

Дахаро ишттанехьа хIумма а ца ло, массо а хIуманан, кхолламо къайлах хоттийна шен мах бу.
Цвейг Стефан

Комаьршаниг – паргIат ву, и лай велахь а. Дераниг – лай ву, и паччахь велахь а.
Августин А.

Хьай хазаллина терго еш, дагна а, сина а тIера доладе ахь, вуьшта, цхьана а басарех пайда бац хьуна.
Шанель Коко

Генарчу халонийн хьо ойла еш вацахь, билггала уллехь хьоьжуш цатам бу хьуна.
Конфуций

Гочдинарг – Янсуков Рустам