Menu


Малхбален дийцарш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Керла гIирсаш
– Муьлхха а хIумане хьожуш а, Iама йиш ю, – элира цкъа хьехархочо шен дешархошка.– Кху дуьненахь массо а хIума вайна масална кхоьллина ю. Дала кхоьллинарг а, адамаша йинарг а.
– Масала, аьчка-некъо хIун Iамор ду вайна? – шеконца хаьттина цхьана дешархочо.
– Цхьана маьргонна тIаьхьависича а, дукха хIума кIелдисарна.
– Телеграфо?
– ХIора дош а дIаяздеш хиларна.
– Ткъа телефоно?
– Кхузахь аьлларг, цигахь хезаш хиларна.
Хьасанул Басрин жоп
Цкъа цхьа стаг веана Хьасанул Басри волчу.
Хаьттина цо:
– Хьо дуьненан х1уманна саьхьара цахиларан бахьана х1ун ду?
Хьасанул Басрис жоп делла:
– Диъ бахьана ду цунна:
Сан рицкъа ас бен, кхин цхьамма а оьцур цахиларх кхийтира со – дагна тем хилира сан.
Со воцург сан г1уллакх дан кхин стаг цахиларх кхийтира со – айса сайн хьашт-дезарш кхочушдан вуьйлира со.
Муьлххачу хьолехь а, мичча меттехь а со хилча а Далла суо гуш вуй хиира суна – айса къа латош Цунна гайта эхь хийтира суна. Мичча хенахь а сайга хьоьжуш 1ожалла хиларх кхийтира со – Кхоьллинчунна дуьхьал суо х1оттале, мохь кечбан вуьйлира со.

ДогIа дехар
Каср аль-Арифин олучу меттехь йокъана хIоьттина хилла. Накъшбандин БахIауддина тIе нах баьхкина, догIа доьхуш доIа деаьлла.
Цаьрца цхьаьна ара а ваьлла, урамашкахула буьйлабелла, карахь бер а долуш зуда дуьхьал кхетталц.
– Ас доьху хьоьга, дузадехьа хьайн бер! – аьлла БахIауддис.
– Суна сайна хаьа сайн бер маца дузон деза а, иза мацделча а! Хьайна ца хуучу хIуманна юкъа хIунда гIерта хьо? – аьлла зудчо.
И дешнаш дIа а яздай, уьш массарна а дIадеша аьлла омра дина БахIауддис.

Дезткъа эзар кхачамбацар
Цхьана хьекъалче хаьттина:
– Маса кхачамбацар ду адамехь?
Хьекъалчас жоп делла:
– Уьш дагардина цаваллал дукха ду. Ас дагардинарг дезткъа эзар ду. Амма суна уьш къайлехь латтон молха карийна. И молха меттан доладан хаар ду!

Хаар
Цхьана дикачу стаге хаьттина:
– Муха хета хьуна? Муха ду хьал?
Цо жоп делла:
– 1уьйранна сама а ваьлла, ша суьйренга вер вуй ца хуучу стеган санна.
– Массеран а хьал ма ду иштта?!
Дикачу стага жоп делла:
– Ду. Амма массарна а хаьий те и иштта дуй?
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат