Menu


Коьрта Iалашо: нохчийн мотт ларбар, кхиор

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Республикин нохчийн меттан хьехархойн а, Дешаран министерствон а, ЧИПКРО-н нохчийн меттан кафедрин белхахойн а юкъара сацам хилира Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн цхьаьнакхетар (Ассоциаци) кхоллар. Карарчу шеран 16-чу февралехь хиллачу церан юкъарчу кхеташонехь массеран а лаамца Ассоциацин куьйгалхо хаьржира Соьлжа-ГIалин 106 йолчу юкъардешаран школин нохчийн меттан хьехархо Бергоева Аза. Тахана иза ю «Хьехархо» газетин хьаша.
– «Кхидолчу къаьмнашна шайниг а санна, нохчашна а шайн мотт сов хьоме бу», – цхьажимма я мелла а алсам шен къоман маттаца бала болчунна девза хIара Арсанукаев Шайхин дешнаш дахаран къилба хилла беха вайн школашкара дукхахболу нохчийн меттан хьехархой, – долийра Азас шен къамел, – церан аьхна чулацам а, башха декар а дагах кхетаро хIоразза а ойла кхуллура, ткъа хIун дина ас иза бахийта? Вайн дахарехь нохчийн матто дIалоцу меттиг а, цуьнан хьал а дика девза иза хьоьхуш болчарна, бийца дукхамма бийцахь а. Иштта ойла сан хилла ца Iаш, дуккха а нохчийн меттан хьехархойн хиларна, дуьххьара 2015-чу шарахь, «вацап» юкъаяларх беркат даьлла кхоллаелира нохчийн мотт хьоьхучеран «Хьехархо» цIе йолу тоба.
– Бакъдерг аьлча, оцу шаре кхачале дикка тохар хилира нохчийн мотт хьехарна, – дагалоьцу Азас. – Вайна девза-кх, тидамза дисина барзакъ а, гIишло а, муьлхха хIума а маьхза долий, дIадолуш хилар. 2009-2010-чуй шерашкахь пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) юкъаяьлча, 9-11-чуй классашкахь иштта а кIезиг долчу нохчийн меттан 4 сахьтах, 1сахьт оьрсийн маттана магийра. Нохчийн меттан литературин барта экзамен а дIаяьккхира. Оханан (апрель) баттахь байракх йой буьйцучу ненан маттаца, шеран кхийолчу заманахь эмгаралла алсамделира, мерабер хилла хийра бала болабелира мотт. Иза бийцаран а, хьехаран а кхачаме агIо оьшуш а, толлуш а стагга а вацара, бердах чухецна гуьйриг санна, цхьана ханна шен лаамехь бисира нохчийн мотт. Иштта хьал жимма дахделлехь, мотт баларан йисте кхачаран шеко яцара. Хаац, я баккъал а ненан матте юхадерзар дара я цунна деш тIаьххьара тохар дара, амма нохчийн меттан экзамен 2014-чу шарахь юкъаяккхаро йозанан мотт баха бисийтира. Билгалдаккха деза, экзамен берашка дIаялийта кхоьллина аьттонаш бацара, цул сов, иза-м бийца хиъча а тоьур дара аьллачу ойланашкара иза эшаре юхадерзар а Делан къинхетам боккха хилар дар-кха. Цул тIаьхьа зорбане елира «Ас дIалур ю пачхьалкхан экзамен» цIе йолу Iамат а, кхин цхьацца методикин тептарш а. Ала деза, маттаца бала а болуш, иза хьоьхуш болчу хьехархоша шайна зеделлачух пайда а оьцуш,
кечам бора экзаменна.
2015-г1а шо хьийкъина деара нохчийн меттан хьехархошна – цу шарахь 60 хьехархочо дакъалецира республикин меттан конкурсехь, царах 10 – меттан тоьлла хьехархо аьлла хаьржира. Шеко йоцуш, лакхахь билгалбаьхна хиламаш «Хьехархо» тобанан лард лара мегар ду.
Хууш ма-хиллара, 2014-2016 шерашкахь вайн дешархоша дIаелла нохчийн меттан пачхьалкхан экзаменан жамIаш чIогIа ледара дара. Оцу ледарлонан хьалхара чIогIа тохар и мотт ненан мотт болчарна кхаьчна ца Iаш, и хьоьхуш болчарна алсамо кхечира. Мел цу гIуллакхца бала боцург а хьехархойн белхан тIаламазалла, ледарлонаш гучуяха хьаьгна вара. Амма оцу гIуллакхан жимма а хьалхе евзарг, вайн мотт ЮНЕСКОн тIечIардарна герга балор гуш вара. И ледарло шайн хетарш а, юьйла хуурш а, и гIуллакх цхьаьна билгалчу къепе дало къахьега лаам берш а карийра.
Схьахетарехь, оцу муьрехь, иштта нохчийн меттан хьехархойн жоьпаллин орца кхиар бахьана хилира, 2017-чу шеран экзаменан жамIаш дикка хийцам болуш лакхара хилар. Маттах лаьцна ала дош я бийца лазам берг, иза хьехарехь шена зеделларг довзийта я ненан маттах цу маттахь язйина байт йовзийта лаам берг зIене волура «Хьехархо» тобанехь. Цу чохь бовзуьйтура хьехархоша шайн болх, дешархойн сочиненеш, уьш язъян бераш Iаморехь шаьш бен кечамаш, тайп-тайпана тезисаш, планаш, йоькъура шайн ойланаш. Уьш дIасайохьуьйтура. Вовшех дагадовлура. Стенна тIе тидам бахийтича, муха Iамийча, берийн хаарш кхачаме хир ду, бохучу хаттарна жоп
карон дукхамма а къахьоьгура. Дуккха а сирла кортош, евза цIерш яра тобанан декъашхой – хьехархой-поэташ Цуцаев Iалавди, Даудов Гилани, хьехархо-яздархо Исраилова Луиза, иштта алссам меттан говзанчаш, Iилманчаш.
Тобанан гIад стамделира луларчу Дагестанера, генарчу Иорданера, Германера, Францера нохчийн меттан хьехархой юкъабахкарна.
«Хьалхара гIемакх» легашка хIоьттинчу гIорзанах тардинчунна а дайна, «Хьехархо» тобано вацап-мазанца бинчу балхо дикка аттачу даьккхира нохчийн меттан экзамен дIаялар. Ткъа 2017-чу шеран экзаменан жамIаша хьехархой нийсачу новкъахь хилар гайтира.
– 2017-чу шарахь экзамен дIа ца ялалуш дисина бер наггахь а дацара, – дуьйцу Азас. – Масала, ас Iамийначу 40 беро цхьаммо а 3 ца доккхуш, мелхо а 4,5-нна дIаелларш алсам болуш, чекхъелира экзамен. Суна а, тхуна дукханна а доккха гIо-накъосталла хилира Исраилова Луизас биначу балхах. Ша язйина сочиненеш, тезисаш, масала «ДоттагIалла», «Дегайовхо», «Безам» теманаш йоуьйтий, царах язъе олий, тIедуьллура цо. Оцу балхах вуно доккха накъосталла хилар гайтира экзамено. Цуьнга нисса къахьоьгуш яра ТIехьа-МартантIера хьехархо Осмаева Хадишт а, Майртуьпара Хажаева Ровзан а, Чуьйри-Эвлара Бериева Фатима а, АтагIара Сацита а, Зандкъара Авдарханова Таиса а, Теркайистера Дашаева Шовда а, Мачаева Зарета а, иштта дуккха а кхиберш а. Экзаменах чекхваларан балл мелла а лахабаккхаро а гIо дира аьлла а хета суна, амма хьехархоша а, дешархоша а тIалам боллуш кечам а бинера.
– «Хьехархо» тобанан хьалхара цхьаьнакхетар хилира 2015-чу шеран 12 августехь Соьлжа-ГIалин №106 йолчу, ас болх бечу школехь, – кхин дIа а дуьйцу Азас. – Вацапан зIенехь волчу 34 хьехархочух 20 веара оцу гуламе. Хьалхара Iалашо – вовшийн довза, ган, интернет-мазанера гергарло дахаре даккхар яра тхан. Кхузахь хьехархошна уллера евзира Айдамирова Машар а, Вагапова Асет а. Церан къамелаша дуккханна а тIемаш делира. Иштта шолгIа а цхьаьнакхетар хилира тхан 2016-чу шеран 12-чу августехь а.
Де-дийне мел долу а стамлуш яра тхан тоба, цундела кхоалгIа цхьаьнакхетар Къоман библиотекехь дIадаьхьира оха. 52 хьехархо вара цига веънарг.
И цхьаьнакхетар тидаме ийцира дешаран министро Байхаев ИсмаьIала а, ЧИПКРОн директора Эльмурзаева Гангас а. Тхох схьакхийтира Дагестанера хьехархой а. Экзамен дIаяларх дерг довзийтира дешаран министран заместитела Каимов Iабдурохьмана. Цуьнан жамIаша синтем бира тхуна. Девзира тхайн дика нисделларг, гучуевлира ледарлонийн кIайдаргаш а.
Къоман библиотекин йоккхачу зала чохь гуо беш хIиттийначу гIенташкахь Iаш долу тхо юьхьдуьхьал девзина ца Iаш, деган синхьаамашца а девзира. Шайн байташ йийшира Даудов Гиланис, Исраилова Луизас. Боккхачу тидамца ладуьйгIира оха Нажин-Юьртан кIоштарчу Зайтимиров Сайдикан говзаршка – халкъан фольклорана тIетовжарца цо кхоьллина чехкааларш, хIетал-металш, тидарш, каламбурш-забарш дукха башха яра. Ала деза, тхуна массарна а боккха кхаъ хилла кхушара хиллачу «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» къийсадаларшкахь оцу хьехархоша толамаш бахарна. Иза Нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин хьалхара толам бу.
Тахана Ассоциацин декъашхой Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкара векалш бу. Тхан белхан жигара декъашхой бу яздархо Айдамирова Машар а, меттан говзанча Вагапова Асет а, «Орга» альманахан редактор Алиева Зарина а, книжни издательствон куьйгалхо Матаев Анзор а, дешаран министерствон белхахо Айбуев ИбрахIим а, Иорданера хьехархо Асет а, цигара яхархо Жанара а. ДегIастанара Татаева Хьурмат а, Бачикова Инканат а, Гойсумова Анжелла а, Висханова Тамара а. Къаьсттина ала луур дара суна ас цIерш яьхначу вайн йижарех лаьцна. Уьш нохчийн матте кIорггера безам болуш, олучу хIора а дашца байтийн кепехь цуьнга йолу шайн марзо-уьйр гайта говзалла йолуш, шайн ненан маттана бацар лаккхара дарж хеташ хьехархой бу. Дала сий дойла церан.

Табарак САРАЛИЕВА
Суьрта тIехь: Бергоева Аза