Menu


Дуьненан литературера

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Джей Рип
Кхоллам
Къастам ца бича ца болура, хIунда аьлча, тхойшиннан дахар цхьа тамашийна кегаделлера. ОьгIазалла а, вовшех даккхийдер а цхьа уьйриг хилла хьерчара. И шад баста цхьаъ бен некъ бацара. Пал таса сацийра: аьрзу – тхо гуттаренна а цхьаьнакхета, харце – гуттаренна а дIасакъаьста.
Нахарт хьалакхоьссира. Зевнаца охьайоьжна, хьаьвзаш гуо а баьккхина, сецира и. Аьрзу.
Тхойшиъ цецдаьлла хьаьжира цуьнга. ТIаккха шиммо а цхьабосса хаьттира: «Кхин цкъа а кхоьссича?»

Баст Рон
Лаккхара дешар
– Университетехь оха яьхьнарг эрна хан яра, – элира Дженнингса, бехделла ши куьг дила а волалуш. – Бюджетан ахча жимдинчул тIаьхьа цара хьоьхург дукха хIума дацара, дуьххьалдIа, хан дIаяхчахьана бохуш Iара.
– Деша муха доьшура аша?
– Тхо-м дацара доьшуш. ХIинца ас болх беш хьаьжча а, хуур ду-кх хьуна и.
Лорйишас неI схьайиллира:
– Доктор Дженнингс, хьо операционни чохь оьшу.

Милберн Тина
Сацам тIеэцар
Даррехь хезаш хетара цунна шен набахтин неIарш тIекхеташ.
Маршо гуттаренна а дIаяханера, хIинца цуьнан кхоллам кхечеран карахь бара. Кхин цкъа а гур яц цунна паргIато. Цуьнан коьртехь цхьа аьрха ойланаш хьаьвзира, хинца цхьанхьа гена-генна дIаяха, тIемаяла йиш хилча ма дика хир дара аьлла.
Амма цунна хаьара къайлаяла меттиг йоций. Ела а къежаш, тIехьийзачу кIантехьа схьа а йирзина: «ХIаъ, со реза ю», – элира цо.

Хоман Курт
Лечкъаргех ловзар
– Дезткъе ткъаесна, бIе! Лачкъаза цхьаъ висинехь со бехке яц!
ЧIогIа ца деза бIаьргаш дIахьаббар, амма соьгахьа ду, дIалечкъарг хуьлучул а. Iаьржачу чу а йолий, цу чохь дIатебначаьрга ас шабаршца олу: «Схьакарий!»
Цара бIаьргийн хьажарца ехачу учахула новкъа йоккху со. Пенаш тIехь кхозучу куьзганаш чохь гуш хуьлу Iаьржачу духарх а хьаьрчина, мангал а карахь йогIу со.

Энрайт Чарльз
БIарлагIа
И хуьллушехь, и шийла кхаъ зудчуьнга дIакхачон цIа кхиа сихвелира со. Амма иза соьга ладугIуш йолчух тера дацара. Цунна-м со ган а ца гора. Соьх чекх а хьоьжуш, шена малар а доьттира цо. Телевизор а латийра.
Цу юкъана тилпо йийкира. ТIе а яхана схьаийцира цо тилпо. Цуьнан юьхь чIечкъаш гира суна. Къаьхьа белхар долийра цо…

Гочдинарг – Петирова ПЕТIАМАТ