Menu


Дуьненан литературера

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

САЛЕМИ АВГУСТ
Кхузаманан лоьралла
БIаьрса дIаоьцу чиркхийн серло, лерса Iадон тата, инзаре лазар, чIогIа лазар, цул тIаьхьа йовха, хьегаме, цIена, сирла-сийна серло.
Джонна ша тамашийна ирсе, къона, маьрша стаг хийтира. И цу серлонехьа дIаволавелира.
Амма лазар а, бода а меллаша тIетекхира. Джона меллаша, дукха хала схьабиллира бистина бIаьргаш. Бинташ, цхьа турбанаш, гипс. Ши ког хилла меттиг а яц. Йилхина зуда а.
– Хьо кIелхьараваьккхи, хьомениг!

КАГИМБАГА ГРЕЙС
«Шо хьалха дара и»
Байн хьоькхучу мохехь Джоуига а хьоьжуш, лаьттара Дуг.
– Маршалла, Джоуи! – элира Дуга.
Гонаха тийналла.
– Бехк ма билла суна, Джоуи. Суна ца лаьара. Баккъал а боху ас. Керлачу шарца, Джоуи!
Джоуин коша тIе роза а диллина, меллаша дIаволавелира Дуг.
– Цу сарахь вехна а волуш, со машена хаар гечдийр дуй-те ахь суна цкъа а? – хаьттира цо.

***
ХIора Iуьйранна Африкехь самайолу масар. Иза лоьмал чехка яда еза, ца ядахь – хIаллакьхир ю.
ХIора Iуьйранна самадолу лом а. Иза масарал чехка додуш хила деза, ца дадахь – мацалла лийр ду.
Бен а дац, хьо муьлхха хилча а: лом я масар… Малх хьала ма-гIаьтти, вада веза.
ФРИДМАН ТОМАС

****
Адамаш шина декъе декъало.
Цхьаболчаьрца атта хуьлу, уьш ца хилча, хала а ца хуьлу.
ШолгIачаьрца чIогIа хала хуьлу, амма уьш боцуш ваха кхин а хала хуьлу.
ХЕМИНГУЭЙ ЭРНЕСТ

***
Ша шех къахетарг даима а цхьалха ву, хIунда аьлча, цуьнан даг чохь шена бен меттиг ца хуьлу.
ТАРТТ ДОННА

***
Спартанцийн къамел доца а, кхеташ а хиларан масал ду Грецин дуккха а шахьарш яьхначу Македонин паччахьа Филлипа ШолгIачо даийтинчу кехатца:
«Шуна гIоли ду сихха карадахкар, нагахь сан эскарш шун лаьтта тIе довлахь, ас шун бошмаш хIаллакйийр ю, адамех йийсарш дийр ду, шахьарш йохор ю».
Цунна жоп спартанцаша цхьана дашца делла: «Нагахь».

ГОЧДИНАРГ – Петирова ПЕТIАМАТ