Menu


Буьйцуш а, язбеш а болу мотт ларбар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Iалашо йолуш кхоьллина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь «Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсаяздарна тIехь терго латторан Комисси». ХIинцачул диъ шо хьалха, Комиссин дахаре некъ баларан юьхь яра Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Рамзанан вайн махкарчу Iилманчашца, яздархошца, журналисташца хилла цхьаьнакхетар. Цигахь дийцаре диначу меттан хьоло Iорадаьккхира, вайн мотт тесна бита йиш цахилар, иза ларбаран орца оьшуш хилар. Оцу орцанан бIаьрла агIо лара мегар ду тахана Комиссис беш болу болх.
Комиссин белхан тоба, шайн кхоллараллехь нохчийн мотт кхиорехь къахьоьгуш а, оцу некъа тIехь кхиамаш болчу меттан Iилманчех, яздархойх, журналистех, хьехархойх лаьтта. Уьш бу Комиссин председатель волу Дадаев Сайд-Хьасан, декъашхой – Юнусов Хьамзат, Аболханов Хьаьким, Такалашов Султан, Бурчаев Хьаьлим, Дадаев ШоIип, иштта кхиберш а.
Дела реза хуьлда цунна, белхан хан ца тоьуш сиха валлахь а, шаьш бинчу а, беш болчу а балхах лаьцна иштта дийцира тхуна Дадаев Сайд-Хьасана:
– Комиссис болх бечу кху 4 шарахь 50 сов кхеташо йина оха. Цигахь бинчу балхахь дийцаре дина билгалдаьхна эзар сов дош, дешнийн цхьаьнакхетарш. Уьш газеташкахь, журналашкахь, радиохь, телевиденехь журналисташа, дикторша нохчийн мотт буьйцуш дийлийтина а, ткъа иштта суьрташна бухахь яздечу дешнашкахь нисделла а гIалаташ ду. Кхеташонан хаамехь матте йирзина нийса йоцу кеп а, нийса хила еза кеп а гойтуш и дешнаш хаамийн гIирсийн куьйгалхошка дIадахьийтина. ТIейолчу заманчохь хаамийн гIирсийн белхахошка мотт бийцарехь а, язбарехь а гIалаташ ца дайта Iалашо ю оцу белхан.
– Оха беш болу болх вайн хаамийн гIирсашкахь – радиохь, телевиденехь буьйцучу матте ладугIий, журналехь я газетехь лелош болчу меттан таллам бой, гIалаташ билгалдохий, нийсаяздаран дошаман бакъенаш охьайохкий, цаьрца уьш нисдеш, дIахьош бу, – кхидIа а дуьйцу Сайд-Хьасана, – иштта болх бина, беш а бу «Орга», «Нана», «Вайнах» журналашца а, «Даймохк» газетаца а. ХIора а кхеташоне хаамийн гIирсашкара векалш а кхойкху оха. Масала, тхан кхеташонан балхахь дакъалоцу «Вайнах» телерадиокомпанерчу Исакова Маккас, «Грозный» телерадиокомпанерчу Садаева Раисас, «Некъ» телерадиокомпанерчу Арсанукаев Мусас а, Атаева Залинас, иштта кхечара а.
Билгалдаккха луур дара суна, иштта оха цхьаьна къахьегаро, дикка шайн мотт дикачу агIор хийцина «Некъ» телерадиокомпанин журналисташа.
Тхан тидамехь хила хьакъ ду муьлхха а нохчийн маттахь арадолу журнал, газет, делахь а, мелла а тидамза дисина к1оштийн газеташ. Цуьнан бахьана, уьш муниципальни зорба хилар, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствона юкъа цадар ду. Ала дашна, уьш цхьа дIогара тергамза а ца дитина оха. Кхин генара кIорге ца кхевдича а девзаш ду, пачхьалкхан шина маттахь арадолу газет аьлла, тIечIагIдина хилча, ах мукъане а нохчийн маттахь, ах оьрсийн маттахь хила догIура, делахь а районан зорба дукхахдерг оьрсийн маттахь арадолу. Номерехь 1-2 материал нохчийн маттахь хилахь, кхин ца хуьлу. Газеташкахь ненан маттахь яздеш болу журналисташ ца тоьу, ткъа зорба туху муниципальни белхаш – сацамаш, кхеташонаш, омраш, спискаш берриге а оьрсийн маттахь хуьлу.
Доцца дийицича, «Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсаяздарна тIехь терго латторан Комиссин» белхан чаккхе гуш яц. Амма оцу белхан жамI лара мегар ду Комиссис зорбане кечъеш йолу «Дошам-хьехам». Цу юккъе яхана денойн цIерш – оршот, шинара, кхаара, еара, пIераска, шот, кIиранде, уьш дагардар а – тахана, кхана, лама, ула, цIака, цIаста. Беттанийн цIерш – кхолламан, чиллин, бекарг, оханан, хIутосург, асаран, мангалан, хьаьттан, тов-бецан, эсаран, лахьанан, гIуран. ПIелгийн цIерш – нана-пIелг, хьажон, юккъера, маза, цIаза. Бустамаш, барамаш – ге, аьрша, дол, гирда, герка, мазал, пунт, соти, сажа, чептар, чийрик, моьрг, ша.
Нохчийчоьнан яртийн, кIоштийн, гIаланийн нохчийн маттера цIерш а, ткъа иштта пачхьалкхан урхаллин органийн цIерш а дуккхаза а нохчийн маттахь зорбайиттина вайн хаамийн гIирсашкахь. Амма хIинца а дукха масалш ду уьш оьрсийн маттахь я нохчийн-оьрсийн иэбинчу маттахь ялош. Билгалдаккха луур дара, нохчийн меттан дешнаш нийсаяздарна бухе йиллинарг Мациев Ахьмадан 1961-чу шарахь араяьлла «Нохчийн-оьрсийн словарь» хилар. Цул тIаьхьа дIадаьллачу 57 шарахь мел дукха хийцамаш хилла вайн дахарехь, иштта маттехь а. Халахеташ делахь а, мелла а мотт бийцарехь зеделларг долуш волу Iилманча шен дошам араяккха сихло. Схьахетарехь, Мациевн дошам бух а лоруш, иза керлачу дешнашца тIеюьзча дика хир дара.
Вайн къоман мотт ларбарехь дIахьочу балха тIехь Комиссин аьтто хилар а лууш, кху къамелехь дакъалацарна Сайд-Хьасанна юха а Дела реза хуьлда а олуш, дерзон луур дара суна Дадаев Сайд-Хьасанан дешнашца:
– Буьйцуш а, язбеш а болу мотт ларбаре кхойкху оха хаамийн гIирсашкара белхахой.

САРАЛИЕВА Табарак