Menu


Кхоллараллин проекташ

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Хан-зама д1аяхарца кхуьуш ду дуьне. Иштта хийцамаш хуьлу вайн гондахьарчу дахарехь а, цуьнца цхьаьна дешаран процессехь а. Керлачу стандардашца беш бу тахана школашкахь болх. Еккъа урокан коьчал дешархошка йийцарх тоам хуьлуш бац. Дешархойн ойла самайоккхуш, кхоллараллин а, лехамийн а кепехь халонах чекхваларан некъаш карадерзош, лехаман тайп-тайпанчу некъех пайдаэца 1амош, хаамаш лахьон а, церан мах хадон а, талла а дешархой 1амош д1абахьа декхарийлахь ву тахана хьехархо шен болх.

Нохчийн меттан муьлхха а коьчал кхачам боллуш дешархойн кхетаме йилла еза керлачу технологех пайда эцарца.
Тахана суна лаьа «проектийн методах» сайна зеделлачух лаьцна дийца. Ткъа къаьсттина – кхоллараллин проектах.
Сухомлинскис а иштта аьлла:
«Хьоме доттаг1, нагахь хьайн дешархо хьекъале а, лехаме а, х1уманна дуьхе кхуьуш а хила лаахь, нагахь шен сица кхечу адамийн к1орга ойланаш а, синхаамаш а бевзаш иза хила 1алашо елахь – 1амаве и, самаваккха, дог айде цуьнан дешан а, ойланийн а хазаллица».
Ненан меттан хазалла, цуьнан инзаре ницкъ уггаре а хьалха гучуболу туьйранехь. Туьйра – ойланийн ага ду.
5-чу классан дешархошца халкъан барта кхолларалла 1амийна девлча, ас царна хьалха иштта декхар х1оттийра: х1ора дешархочо х1оттон дезаш дара туьйра. Хууш ма-хиллара, туьйранийн а ю шен бакъонаш. Аьлча а, декъало шайн тайпанашка. Дешархошна иштта хаа дезаш ду туьйранашкахь дуьненахь хила йиш йоцу х1уманаш хила дезий а, туьйранан чаккхе коьртачу турпалхочун зен-зулам доцуш ерзон езаш юй а. Туьйра бен дацахь а, ешархочунна шена масал эца х1ума дита а дезий.
Дуьххьара болх массарна цхьатерра белира ас. Туьйра кхолла аьлла. Луучо сарташца кечдан мегаш а дара уьш. Болх д1абахьар масех дийнахь нисделира тхан. Шаьш цакхетарг сан кхиэле а дуьллура цара. Т1аьххьара туьйранаш схьагулдина тхо девлча, церан х1ораннан хаарш теллина, ас тоьлла масех туьйра схьа а къастийна, дешархой тобанашка а бекъна, туьйранаш цхьана кепе даладайтира. Сурт дилла говзачуьнга кечъяйтира иллюстрацеш, цхьаболчудешархошка корректировать яйтира тексташ. Ткъа компьютерни хаарш долчаьрга – текст вовшахтасийтира.
Уггаре а коьрта суна хетарг, мел г1орасиз дешархо а ишттачу балхо нацкъара ца вуьту. Кхоллариллин проектехь кхин а суна мехала хетарг – пох1ма долу дешархой билгалбовлу ишттачу балхехь. Хууш ма–хиллара, хьекъал берийн цхьатерра ца хуьлу, амма пох1ма х1оранна а делла аьлла хета суна. Коьртаниг – дешархочун и говзалла гучуяккхар. Таханлерачу сайн балхахь ас бухе йиллинчу проектехь таро хуьлу дешархойн халкъан барта кхолларалле а, литературе а безам совбаккха. Мел х1уъу дийцича а, берана ша бина болх мехала бу, шен и дика хилийта цо къа а хьоьгу. Ткъа шен и кхоччуш дика хилийта, иза халкъан туьйранаш а доьшуш 1емар ву, цул сов, гочдинчу дуьненан юкъарчу классикийн туьйранаш а деша хьожур ву. Иза лехамашкахь хир ву. Иштта бечу балхо суна таро ло дешархойн хаарийн таронашка хьаьжжина кхинд1а а болх бан а, шайн хааршца уьш совбаха а.

Исраилова Луиза, нохчийн меттан, литературин хьехархо